Язык сайта

 

Язык сайта

 

Дохк

БIаьсте… Ткъа хIетахь-м Iа дара. Ша хьаькхна. Хьалха-Марта юкккъера майда. Сан а, сан доттагIчун а пхи-пхийтта шераш. Тхо – майданан цхьана йистехь. Ткъа вукху агIор – И гучуели. Тхо цхьана школехь доьшуш дара. Цкъа-шозза суна ела а къежнера и. Школан ученан маьIIехь гучу а къедда, хьажарца со дIавоьхуш санна…
Тхуна тхаьш поэташ хетара. ДоттагIчо-м цу шарахь республикехь дIакхайкхинчу сочиненийн къовсадаларехь хьалхара меттиг а яьккхинера. Мехкаршка кехаташ а, царна байташа а язъярца куьг шардора оха. Цхьаберш тхоьгара кехаташ кхаьчча гуш лаьтташехь, баккхий хуьлий, кепаш хIиттош, баккъал а айлой дIахIуьттура, вукхара хье уллехь пIелг хьовзабора…
Дуьйцуш ма ву со… майданан дехьа маьIIехь мичара йолу а ца хууш гучу ма ели И.
– Валохьа, – боху ас доттагIчуьнга, – тIаьхьа а кхиъна, вистхуьлу вайшиъ.
Зудаберашца къамеле вала зеделларг ма дац тхойшиннан. Шинна а хуург вовшахтоьхча а, тIара доттал а.
ДоттагIчунна эхь хийти, ас пхьош а лаьцна дIаозий и…
ХIан-хIа, тхойшиъ ведда воьдуш вацара – тхойшиъ майданан ша тIехула шершаш, кегий гIулчаш йохуш вара. Ши-кхо гIулч яра Цунна тIекхача йисинарг, суна когаш кIел берг ша хилар дицлуш. Цу мIаьргонехь сан когаш цхьанхьа дIабаха-кх…со сайн кхузткъе пхеа кийланца кIесаркIаг а хаалуш, охьакхийти.
И соьх къахетта сецира моьттий шуна?! Ма бакъ а дацара-кх и! Неканца йоьдуш санна, дIаяха-кх…сан бIаьргаш хьалха лаьттачу кIайчу дахкарлахь къайлаели-кх.
Амма ас цунна бекхам а хаза бира: пхеа шарахь буьстира ас церан урам. Ткъа иза дагардеш Iара, со шайн кора хьалха мосазза тIехвели…
Доцца аьлча, суна ма къежа-кх! Со тIаьхьахьодур ву, охьакхетар ву – тIаккха дерриге а иэсан дахкаре доьрзур ду…

Ицлаев Iабдулла (Гочдинарг – Петирова ПетIамат)

ПОДПИСКА

на новые публикации

Рассылка новостей и документов на
электронную почту
Количество подписчиков: 1 181