Язык сайта

 

Язык сайта

 

Полилингвальни дешарх дерг дийцира

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон Дешар кхиоран институтехь дIаяьхьначу рогIерчу кхеташонехь полилингвальни дешаран кепах лаьцна дийцира. Дешар берийн къоман маттахь нисдина хилар ду оцу дешаран коьрта маьIна. Полилингвальни дешар юкъадалорехь, кхиамаш бахарца евзаш ю Къилбаседа ХIирийн-Алани Республика.
Нохчийн Республикин школашна уггаре а гергара ю полилингвальни дешаран кеп. Цундела шена тIе тидам бохуьйтуш ю, мотт а, гIиллакхаш а дешаран программехь коьрта долу дешаран кеп. Къилбаседа ХIирийн-Аланин пачхьалкхан университетан ЮНЕСКО-н кафедрехь филологин Iилманийн доктора Камболов Тамерланан дIадолорца кхиамца дIахьош ду школехь дешар хIирийн маттахь дIадахьар.
Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтан директор Умхаев Хьамзат Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телекомпанин тобанца Буру-ГIалахь хилира. Аланин гимназин директорца Царазанова Мадиница а, Камболов Тамерланца а цхьаьнакхетарш дIадаьхьира Хь.Умхаевс. «Грозный» телекомпанин журналиста Муталаева Маликас лаккхарчу корматаллица кечйина программа эфирехь хилира. Оцу передачехь гойтуш а, дуьйцуш а ду ХIирийн-Аланин Республикин школехь полилингвальни дешар дIадахьарх лаьцна.
ХIокху шарахь Нохчийн меттан де билгалдоккхуш Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхин а цкъа элира нохчийн матто нохчичун дахарехь лелочу маьIнех дерг. Нохчийн поэтан Саидов Билалан нохчийн маттах лаьцна язйина байт а йийшира республикин Куьйгалхочо.
Циггахь Дешар кхиоран институтан директора Умхаев Хьамзата шен докладехь билгалдаьккхира: «ХIора стагана дуьнен чохь сийлахь кхо хIума ду, уьш цкъа а вовшахдаккха йиш йоцуш ду: Халкъ, Мотт, Даймохк. Царах цхьа дакъа дIакъастийча, важа ши дакъа дайна дIадолуш а ду. Тахана санна нохчийн мотт Iамо а, талла а, хьеха а аьтто болуш зама еана яц вайна. Цундела цунах пайда а оьцуш, вешан школашкахь юьхьанцарчу классийн дешар нохчийн маттахь хьехар юкъадало дезара вай».
Бераша юьхьанцарчу классашкахь нохчийн маттахь деша дезара аьлла хетачу ойланца схьавогIуш ву Умхаев Хьамзат. Иза къобалдеш бу вайн республикин Iилманан а, дешаран а интеллигенцин векалш.
Умхаев Хьамзата шен къамелехь билгалдаьккхира: «Нагахь санна вай вешан лулахоша хIириша санна дешар къоман матте даккхахь, вайн берийн хаарш лакхара хир ду. Оьрсийн мотт цахаарна кхерам а бац. Дешар 4-чу классе кхаччалц нохчийн маттахь хилахь оьрсийн мотт а ненан маттехула Iемар бу берашна. Буру-ГIала дахана схьадаьхкичахьана дуьйна а царна зеделлачух пайдаоьцуш болх беш ду вай. Хууш ма-хиллара, тхан институтан Iилманан белхахой бу школашкара нохчийн меттан Iаматаш а, гIо-Iаматаш а хIиттош. Вайн республикехь кхочушъеш ю кегийрхой ийманехь кхетош-кхиоран пачхьалкхан Цхьааллин Концепци. Вайн тIаьхье нохчийн оьздангаллехь, нохчийн гIиллакхца, нохчийн дог-ойланца ган лууш вай делахь, кхион а лаахь, вай вешан берийн юьхьанцарчу классийн дешар къоман матте доккхур ду. Дешар нохчийн маттахь хиларо (4-чу классе кхаччалц муххале а) оцу берийн хьекъал, синкхетам кхиорна боккха тIеIаткъам бийр бу. Ойла нохчийн маттахь еш хиллалц нохчичух нохчи хир вац. Нохчий къам санна Iалашдалур ду къоман мотт Iалашбахь. Ткъа оцу дерригенах кхета халкъан синкхетам оьшу. Оха Буру-ГIала дахча цигара Iаматаш еана, хIирийн школашкахь шайн къоман маттахь хьоьхуш ду дешар а, музыка, Iаламдовзаран а, математикин а дарсаш.
Берашна юкъахь цакхеташдерг, вуон доьшуш дерг дан а дац. Аланин школа-интернатан директора Царазанова Мадинас дийцарехь дешар полилингвальни кепехь дIадолорна юьхьанца берийн дай-наной реза боцуш хиллехь, хIинца интернатехь, бераш дIаэца меттиг йоцуш, юьзна ю классаш. ХIирийн маттаца шайн къоман гIиллакхаш а, къоман музыка а, къоман истори а езаелла берашна. Шайн махках дозалла деш ду церан бераш.
Ткъа и полилингвальни дешаран кеп хIиришначул а тIех сов, вайна нохчийн школашна гергара хиларх тешна а ву со. Изза бохура профессора Каболов Тамерлана шен интервьюхь а. Вай къахьоьгур ду оцу декъехь кхиамаш бахарехь. Нохчийн мотт дIабовш бу боху кхайкхамаш бакъбина IадIен йиш яц вайн».

ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап

ПОДПИСКА

на новые публикации

Рассылка новостей и документов на
электронную почту
Количество подписчиков: 1 148