Язык сайта

 

Язык сайта

 

Алматов А. «Халкъан хьекъал. «Мерзаниг а, къаьхьаниг а – мотт…»

(Шолг1а рубрика еша кицанийн хьалхарчу элпашца лакхара охьа)

Нохчийн ворданахь – нохчийн илли ала, г1умкийн ворданахь – г1умкийн илли ала.

Ойла ца еш аьллачо, юьхь1аьржа х1оттаво.

Хазачу хабаро сатийсаман (деган) чиркх латабо.

Чурта т1ера йоза б1е шо даьлча д1адан долало, ткъа аьлла дош эзар шарахь а дицлуш дац.

Ира мотт – совг1ат, беха мотт – та1зар.

Йо1 езачу к1антана гали деши а, гали хаза дешнаш а оьшу.

Ненан шуьрица 1амийна мотт валлалц биц ца ло.

Мерзаниг ян аьлча, мотт беъна, къаьхьаниг ян аьлча, юха а, мотт беъна.

Еса доьшучунна еса доьшуш зама а йог1ур ю.

Туьрал а ираниг мотт бу.

Тахана харцдерг дийцинчух кхана цхьа а тешар вац.

Ала дезачохь аьлла дош – тоха езачохь тоьхна топ.

Нахаца чорда ма хила, амма сов к1еда а ма хила.

Дош, аьнгалин пхьег1а санна, экама ду.

Еса ворда ч1ог1а ека.

Нехан баганаш совцалур яц.

Нахах вониг ахь дийцахь, наха хьох лаьцна диканиг дуьйцур дац.

Аллал олуш, меттара ала.

Т1ех мерза ма хила, т1е мел кхаьчначо вуур ву хьо.

Еса туьта ч1ог1а ека, беса корта дукха бека.

Кхо шо кхаьчна бер долчу х1усамехь шаверриг юха мотт 1ама волало.

Охуш аьлларг – оруш карийна.

Човхорах кхера ма ло, хьастарх 1еха ма ло.

Урд деха дика ду, мотт боца дика бу.

Шена луъург дуьйцучунна, шена ца луург хеза.