Язык сайта

 

Язык сайта

 

Бийтаро ХЬ. «Гадаев Мохьмад-Салахь дагалацаран суьйре»

Нохчийн Республикан Правительствон Кегийрхойн гІуллакхашкахула йолчу комитетехь дІадаьхьира Гадаев Мохьмад-Салахьан кхоллараллина лерина литературни цхьаьнакхетар.

Оцу цхьаьнакхетаре кхайкхинера Нохчийчоьнан Іилманийн Академин вице-президент, физикин Іилманийн доктор Дадашев Райком, НПУ-н философин кафедрин куьйгалхо, философин Іилманийн доктор Гадаев Ваха, педагогикин Іилманийн кандидат Мусханова Йисита, нохчийн литературин критик Бурчаев Хьаьлим, нохчийн халкъан иллиалархо Усманов Іимран а, иллиалархо Джамалдинов Ислам а, Бетельгериев Хьусайн а.

Цига баьхкинера Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетан къоман отделенера студенташший, церан хьехархой, «Рамзан» ц1е йолчу патриотически клубан декъашхой. Цхьаьнакхетар кечдина, дІахьош яра къона поэтесса Халикова Асет.

Дадашев Райкома дийцира кегийрхошна Гадаев Мохьмад-Салахьан дахарх а, Іилманехь цо бинчу талламех а лаьцна.

«Гадаев нохчийн тоьллачу яздархойх цхьаъ ву, амма цуьнца цхьаьна цо талламаш бина Іилманехь а. Бакъду, цу тІехь иза лаккхарчу кхиамашка ца кхаьчнехь а, нохчийн исбаьхьаллин литературехь цкъа а йоврйоцу лар йитина цо. «Даймахке сатийсар», «ЦІен-Берд», «Дарта», «Гуьйренан зезаг», кхин а цхьамогІа Гадаевн стихотворенеш нохчийн поэзин жовхІарш хилла йисина тІаьхьенна. Ткъа «Йисите» цІе ерг нохчийн маттахь безамах лаьцна язйинчарна юкъахь массарел а хьалхара ларалуш ю. Мах хадийна а вер вац цу поэта вайна шел тІаьхьа йитинчу поэзин хазнин», – иштта дерзийра Дадашев Райкома шен къамел.

Литературин критика Бурчаев Хьаьлима дийцира Гадаев Мохьмад-Салахьан ши киншка зорбанна кечъеш Нохчийн Республикан Іилманийн Академин белхахоша бинчу балхах лаьцна.

«Рашидов ШахІида, Хатуев Іабдулхьамида (Дала гечдойла цунна!), Цуруев Шарипа, ас а дукха къахьийгира материалаш гулъеш, уьш зорбанна кечъеш а. И болх хала бара, хІетте а цхьа тамашийна тІеІаткъам бора Гадаевн кхолларалло, шена тІехь къахьега догдоуьйтуш. Цунах лаьцна карийна керла цхьа могІа а боккха кхаъ хуьлура тхуна. Къаьсттина баркалла ала лаьа и гІуллакх вовшах а тоьхна, шен тергонехь а латтош, дІадаьхьначу Дадашев Райкомна», – элира цо.

Гадаев Вахас дийцира Гадаев Мохьмад-Салахьан кхоллараллин а, талламийн а маьІнех лаьцна:

«Хьекъалчийн ойланаш ю цуьнан поэзехь а, прозехь а. Гадаев Мохьмад-Салахьан кехаташ а ду кІорггера чулацам болуш, доккхачу маьІнехь. Шен лехамашкахь иза философ ву, дуьненан маьІнин къайлене кхийдаш, дахаран хаттарна жоьпаш лоьхуш. Ас даггара баркалла олу Дадашев Райкомна, оцу сийлахьчу поэтан кхолларалла тІегулъяран, цхьаьнатохаран а гІуллакх дІадолийна а, карарчу хенахь дІахьош а волчу. Суна хетарехь, шен Іилманан белхаш дІа а теттина, оцу гІуллакхна Райком орцах ца ваьллехь, хІинццалц схьакарийна материалаш а ян тарлора. Дела реза хуьлда цу тІехь къа мел хьегначарна!», – элира шен къамелехь Гадаев Вахас.

Ша педагогикин Іилманийн кандидат хиларе терра, шен Іилманан лехамашкахь Гадаев Мохьмад-Салахьан кхоллараллах ша пайда муха ийцира дийцира Мусханова Йиситас.

«Гадаевн кхоллараллехь дуккха а ду хьехархошна шайн кхетош-кхиоран балха тІехь пайдаэца. Кегийрхой гІиллакх-оьздангаллехь кхиорехь доккха гІо хир ду цуьнан стихех, дийцарех, цо яздинчу кехатех а», – элира цо.

Иллиалархочо Усманов Іимрана дийцира Гадаев Мохьмад-Салахьан шайн доьзалца хиллачу гергарлонах а:

«Мохьмад-Салахь сан де шича хилла. Суна и дага ца вогІу, и лоцучу хенахь 3-4 шо бен хан ца хилла сан. Со хьоьстуш, ловзош самукъадолуш хуьлура иза бохуш, дуьйцура сан да-нанас. «Муьста» цІе йолу стихотворени а цо суна язйина ю, бохура цара. Со воккхаве ас уггаре хьалха цуьнан дешнаш тІехь иллеш даьхна. Мохьмад-Салахь вайн дерриге халкъан вуьззина къонах хилла, цуьнан поэзин исбаьхьа жовхІарш ца хилча, мелла а къен хир яра нохчийн поэзи», – аьлла, лаккхара мах хадийра цо поэтан кхоллараллин.

НПУ-н студенташа йийшира Гадаев Мохьмад-Салахьан стихотворенеш, царах лаьцна шайна хетарг а дийцира.

Усманов Іимраний, Джамалдинов Исламий, Бетельгериев Хьусайний Гадаевн дешнаш тІехь даьхна иллеш а олуш, дика дІадаьхьира и цхьаьнакхетар.