Язык сайта

 

Язык сайта

 

Исраилова Я. «Кацаев Сайд-Хьасан: «Мотт – халкъан хазна»

ХІун хир ду ненан маттал хьоме дуьненчохь дехачу адамашна?

Нанас шен мерза Іаьнарца йовхо луш, аьхначу куьйгаца хьостуш болчу ненан маттал? Нанас Іамабо берана шен оьзда мотт, оьзда гІиллакхаш. Дуьххьара дош ала Іамош ерг а, цІенкъахь хьалхара гІулч яккха дуьххьара шен ховхачу куьйгаца вайн куьг схьалаьцнарг а нана ю. Ненах доьзна дІадолало дерриге а адаман дахар. Буьйсана наб йоцуш, дийнахь тем боцуш, вай даларна а, цамгаро лацарна а кхоьруш, шен гІийлачу узамца, аганан иллица дІадижадо нанас бер. Ненан а, беран а марзо йоккха ю массо а исбаьхьаллел.

Нохчийн мотт къен бу, гІийла бу, олу вайх цхьаболчара. Иза бакъ дац. Цунна гІело йинарш вай ваьш ду, цуьнан хама ца беш.

Вайн республикан Конституцин итталгІачу статья тІехь билгалдаьккхина ду нохчийн а, оьрсийн а меттанаш пачхьалкхан меттанаш хилар. И ду цу шина а меттан цхьабосса бакъо хила еза бохург.

Амма кхин цкъа а хьахо лаьа суна, вайн ненан маттана мелла а гІело еш хилар. Ша вехачу меттехь хьалхара рагІ шен къоман меттан хила еза, нагахь ша шен да, нана а ларахь, цара буьйцучу меттана сий а дахь.

Амма, Делан къинхетам бахьанехь, кІеззиг балахь а болуш бу ненан мотт кІорггера хууш, безаш, буьйцуш, шайна хуург халкъана юккъе дІакхачош болу нах. Царех бу меттан говзанчаш: Джамалханов Зайнди, Сумбулатов Дени, Гайтукаев Асламбек, Умхаев Хьамзат, Абдулаев Леча а, Кацаев Сайд-Хьасан, Медигов Іалмирза а иштта дІа дуккха а кхиберш.

Тахана вайн хаттаршна жоп луш ву Куршлойн к1оштан «Машар» цІе йолчу газетан коьрта редактор, яздархо – Кацаев Сайд-Хьасан.

– Ненан маттах долу къамел вай деш хилча, уггар хьалха оцу меттан хазалла, цуьнан цІаналла, цуьнан исбаьхьалла, цуьнан куц-кеп дуьйцуш, цуьнан сурт хІоттош къамел деш хилча бегІийла хир дара. ХІинца рагІ, Сайд-Хьасан, хьоьга ю.

– Ненан мотт бохург доккха хІума ду. Нохчийн халкъан кица ду:

«Мотт бу – халкъ ду, мотт бац – халкъ дац», – аьлла.

Оцу дешнаша кхачош ду дерриге а. Цхьаболу нах бу, шайн берана оьрсийн я ингалс мотт хиъчахьана, церан хІокху дахарехь цхьана тІегІана тІехь кхиам хилчахьана шайн декхар кхочуш хуьлу, шаьш шайн доьзал ирсе бо моьттуш. И бакъ дац, уьш Іехабелла, цхьана ханна тиларчу бахана нах бу. ХІунда аьлча...

Кхин цхьа масал дало лаьа суна.

Вайн махкахь гІараваьлла вевзаш волу поэт Цуруев Шарипа олуш дар-кха тохара, пачхьалкх кхуллу, аьлла, вай арадевллачу хенахь (бусалба пачхьалкх яра юьйцуш ерг, ткъа лелош дерг кхин дара) «Бусалба муьлххачу пачхьалкхехь а хила йиш ю, Россехь, Францехь, Америкехь а, гІадал гІаддайча, Іаьрбийн пачхьалкхаш ю бусалба».

Нохчийн пачхьалкх...

ДуьнентІехь пачхьалкх стенна оьшуш ю аьлла хаттар кхолладелча, уггар хьалха, шен мотт, шен культура кхио оьшуш ю иза, бохура цо.

Амма вай дІа а къаьстича а я юкъахь долуш а, нохчийн мотт я нохчийн культура кхиош дацахь оцу пачхьалкхах а, кху республиках а дан хІумма а дац.

И чІогІа нийса мах хадор ду. Нохчий ца хилча, шен долчу къомах хаьдда, хІун до кху дуьненах а, лелочу хІумнах а? ХІун вахар ду и?

Вайн поэташа чІогІа говза олу нохчийн маттах лаьцна.

Вайн гІарабевллачу поэтийн – Арсанукаев Шайхин, Саидов Билалан, Дикаев Мохьмадан, Апти Бисултановн, Леча Абдуллаевн а – дуккха а стихаш ю ненан маттах лаьцна.

Цуруев Шарипан «Нохчийн мотт» боху стихотворени тхо студенташ долуш язйина ю. Цу хенахь университетан учахь, арахь а цхьаъ нохчийн маттахь вистхилча эхь ду моьттуш хан яр-кха, оьрсийн мотт бийцича дозалла ду моьттуш. Къаьсттина зудаберашца йолчу юкъаметтигехь нохчийн мотт бийцича заманна тІаьхьа висина ву аьлла хеташ, атталгІа, дуьнен тІехь цхьаъ бен йоцу нохчийн кафедрехь болу хьехархоша цхьаьна вовшашка оьрсийн мотт буьйцуш, чІогІа тамашийна хьал дар-кха кхолладелла.

Оцу заманахь язйина ю хІара стихотворени:

Акха яр санна и

Ца баьлла бацалахь,

Боьжна бац стиглара,

Эцна бац базарахь.

Цхьаьнггера юхалург

Баьккхина бацара,

Кхоьллина хилла и

Вайн дайша азаллехь.

Ас лору дуьненчохь

Мел долу меттанаш.

Нохчийн мотт гуттар а

Сан оьзда дозалла,

Іожаллин цамгаро

ДІалаьцна меттахь Іаш,

Цу маттахь дийр ду ас

Весет а доьзале.

Цу маттахь нанас со

Дуьххьара хьаьстина.

Цу маттахь некъан дош

Дадас а кхайкхина,

Цу матто – уггар а

Гергарчу сан синна,

Со генахь цхьаъ висча,

Дог ойла айина.

Касумов Сайд-Мохьмадан, доций а долуш, дуккха а довха дешнаш ду нохчийн маттах лаьцна. Таханлерчу дийнахь чІогІа мехала маьІна долуш хета суна хІорш.

Сан гІаддайнехь – со

дІаволла,

Вайн мотт байнехь –

къам дІадолла,

Кегийрхошна лерина ду ала мегар ду уьш. Баккхийниш шайнчул дуьне гина а бевлла, кхана хиндерг цаьргахь дац, кегийрхошкахь ду. ТІаккха оцу кегийрхоша шайн ненан мотт дІалелош, цунах дозалла деш ца хилча, и мотт кхуьуш бац, баьржаш бац.

Сайд-Мохьмадан кхайкхам бу:

Ас хьоьга сайна цІе

Тилла вола ца бах,

Ас хьоьга сайна той

ХІоттаде а ца бах,

Ас хьоьга Даймохк

Хьайн безахьа бах,

Ас хьоьга ненан мотт

Биц ма бе бах.

Кхузахь Даймохк а, Ненан мотт бохург цхьаьнатохар, дешнаш куьцана вовшах тасархьама далийна дац, амма Даймохк, Ненан мотт – и ши хІума цхьаьна бен хила йиш яц.

Вайна хууш ду, хьалха Имам Шемалан тІом дІабаьллачу заманахь Хонкар махка а, цигара дІа Іаьрбийн мехкашка а дІабахана болу нах, шаьш бусалба пачхьалкхе кхачар бахьанехь, цхьана-шина чкъуро нохчийн мотт ларбина, амма таханлера церан тІаьхьенаш, дукха хьолахь, наггахь верг воцург, я дешна воцург, я баккхийчех воцург, нохчийн мотт хууш стаг вац царна юкъахь.

ТІаккха вай тахана Европехула, Америкехула дІабахана болу нехан ойла йича, церан цхьаъ-шиъ чкъор хийцаделлачул тІаьхьа, керста пачхьалкхашкахь-м муххале а, церан гІиллакхашка а бирзина, церан культуре а бирзина, уьш барна кхерам боккха бу.

Нохчий биса цхьа агІо ю церан, хьалха дІабаханчеран ца хилла аьтто. И хІун ю? Тахана хІара дуьне мелла чехка далар бахьанехь, вовшашна тІекхача машен, кема, цІерпошта, телефон тоха аьтто хиларца, Интернет хиларца шен нохчийн мотт ларбан йиш ю оцу дІаваханчу стеган.

Эмигранташна юкъахь вай хьалхара дац, тІаьххьара дац. ТІаьххьарчу шерашкахь Европехь мелла а дика хьелаш кхоьллина тІебаьхкинчарна шайн мотт, культура а ларъян. Берашна школашкахь Іамо а йиш ю, ден-ненан хьекъал а кхаьчна, бала хилчахьана.

Цхьаболчу вайнехан Іедал ду, ша юкъахь вехаш волчу къоман мотт хиъчахьана, берана атта хир ду, бохуш, чохь а нохчийн мотт ца буьйцуш. Оьрсийн, немцойн, ингалс кхиболу а меттанаш мел шера хаарх, багахь со нохчи ву бахарх, нохчи хуьлуш вац, нагахь санна нохчийн мотт хууш вацахь, нохчийн гІиллакх лелош вацахь. Хьо муьлха къоман векал ву къасточохь, уггар коьртаниг цхьаъ, – мотт бу. Хьуна я хьан берана нохчийн мотт ца хаахь, хьо француз, испанхо, милла кхиверг а ву, нохчи вац...

Адам, дуьненан аьтто бахьанехь, я аьтто боьхча, шена валарна болу кхерам дІабаллац цІера валар а, цкъачунна аьлла, материальни агІор лахар, дуьненан аьтто лахар а ша ду, амма стаг гуттаренна аьлла, шен махках ваьлла, дІахада ца веза, хІунда аьлча и стаг шен ненан маттах, шен дайн гІиллакхех, шен бух тІера дІаволуш ву. Бух тІера дІаваьлча, хІун хуьлу адамна? ЦІенойн тхов а лаьттар бац, бухахь ондда бух боцуш. Цкъа мацца а тІебужур бу и, махо ласта ма биннехь.

Дала тІаьхье беркате йойла-кха вайн.

– Сайд-Хьасан, кегийчу наха олу нохчийн мотт хала бу, чолхе бу, бийца атта дац. Дуккха шераш ду хьо кхолларалин балхахь волу. Нохчийн маттахь язъеш болчу могІанца, олучу дашца хало хуьлуш, ницкъ хуьлуш хІумма туса а лой хьуна?

– Сайна ала луучунна дош ца карош ца висина со къамелехь, йозанехь а. Сайна цхьанна нохчийн мотт дика хаьа бохург дац сан и. Нохчашна юкъахь къамелан говзанчаш дукха хаабелла суна, яздархой, Іилманчаш а шайх Іама мегар долуш. Къа ца хьегча хІумма хуьлуш дац кху дуьненчохь.

Ас школехь хьехархо волуш дуьйна зийна хІума ду иза. Сан дешархой оьрсийн, гІалгІазкхийн, эрмалойн бераш дара, кхечу къаьмнех а. Кхетамна жимма тІаьхьа дисина, цомгашчу берашна лерина школа-интернат яра иза. Оцу берашца (дІадаханчу бІешеран дезткъолгІа шераш ду уьш, нохчийн мотт ГІалахь я Гуьмсехь а школашкахь Іамош бацара цу хенахь), ас хІетахь директорх, завучах дага а ваьлла, сайн лаамца йолийна эксперимент яра и, оьрсийн меттан, литературан а урокийн параграфаш хьалха йохий, царна дийца дезарг сихха дуьйций а волий, мукъадевллачу сахьташкахь царна нохчийн мотт Іамош.

Куршлойн-эвлара хьалхарчу школера тишъелла, юьстахъяьхна йолу абат книгаш еана, нохчийн маттахь оцу берашна еша Іамийра ас. Мел хаза хетара царна, мел доккха хІума хетара царна шайна нохчийн маттахь еша, хабар дийца Іаьмча.

Оьрсичунна а, гІалгІазкхичунна а, гІезалочунна а я кхечу къомах волчу стагана а Іемаш болу нохчийн мотт, нанас дена вина волчу нохчийн стагана, нохчийн берана Іемар бац бохург, и бакъ дац.

Россехь дуккха а къаьмнаш ду, Советийн заманахь дуьйна, шайн маттахь юьхьанцара школаш йолуш. ЦІера дахале вайн а хилла... Луларчу ДегІастанахь дуккха а къаьмнаш ду цхьана республикехь дехаш, шайн меттанашкхь школаш йолуш.

Ахдуьне схьалаьцна Іаш йолу Росси а, шайн маттана эшам хеташ, къийсам латтош ю Украинехь, Прибалтикехь, кхечанхьа а оьрсийн маттахь школаш хила еза, бохуш.

ЮНЕСКОН талламашца дуьненчуьра бан кхерам болчу меттанех дІатоьхна бу нохчийн мотт. ХІетте а, нохчийн маттахь йолу юьхьанцара школа, Нохчийн Республикехь дехаш долу вай, тахана а и оьший, ца оьший, бохуш, книгаш юй вайн, яций, бохуш, ян а йоцу дуьхьалонаш хІиттош, къуьйсуш Іаш ду.

Вайх къам маца хир ду?

Дерригенан а коьрте нохчийн мотт хІоттийча.

Цхьаболчу пачхьалкхан белхашкахь нохчийн мотт хиъча бен кху махкахь сом даккха йиш йоцуш хьелаш хІиттийча. ТІаккха хир ду-кх вайх къам.

Цу дерригенах а кхеташ болчаьрга ладогІа ца лаьа вайна. Чиновникашна и оьшуш дац (ца лозу корта бехкар ду и царна), халкъана ша хІун дан деза, шена хІун оьшу а ца хаьа. Хьекъал долчу нахе вай ладугІуш а дац.

Мацах Айдамиров Абузар а (Дала гечдойла цунна) хьийзаво бахар-кха партин райкоман, обкоман а пленумашкахь: шена оьрсийн маттахь язъян ца хаьа дела, нохчийн мотт дІабаьлча, шен книгаш цхьанне ца эшарна кхоьруш ву иза, бохуш. Абузарна-м хаьара оьрсийн маттахь язъян, шайна и мотт хаьа моьттуш болчарал а дика. Амма иза нохчийн яздархо вара, и нохчийн халкъан яздархо вара. Цундела цунна халкъо нохчийн мотт бийца лаара, доьзалш а нохчийн маттахь кхетош-кхио лаара, дешар, Іилма а, вахар а, хьалхара безам бийцар а, тІаьххьара весет а... шен книгаш ешар а – оцу маттахь.

Иза хІора стагана шен доьзалехь лаа дезаш дерг, диса дезаш дерг ду.

Деле-м дерриг а цхьана къомах, цхьана тайпанах а кхоллалора вай.

Дала боху Къуръана тІехь:

«ХІай, нах! Баккъалла а, оха шу кхоьллина стагах а, зудчух а; шу халкъашка а, тайпанашка а декъна, вовшашна довзийтархьама».

Вовшашна довзийтархьама бохург хІун ду?

Вовшех марзо, пайда эцийтархьама, гергарло леладайтархьама.

Амма и гергарло тахана Россехь дехаш долчу массо а къомах цхьа къам хилча хуьлуш дац. Росси – Америка яц.

Америка европейцаша оцу мехкан бухболу къаьмнаш, тайпанаш а хІаллакдеш кхоьллина ю.

Оцу харцонна Дала беш бекхам хета суна цигара бохамаш а. Сирникийн беттанаш санна цІенош дохош, отуш, тхевнаш тІекІел кхуьйсуш, машенаш, дитташ тІома дохуш дарц-мехаш, хьаннаш йогуш, хиш тІедуьйлуш...

Латтано геч ца до харцонца, ницкъаца а схьадаккхар, аьлла Американ сийлахьчех цхьаъ волчу яздархочо Фолкнер Уильяма.

Американ аборигенаш тахана а изгойш-обаргаш бу шайн махкахь.

Шайн чохь а нийсо еш йоцу Америка дуьненахь а демократи чІагІъян гІерта.

Россехь долу къаьмнаш манкурташ дац. Уьш шайн дай баьхначу латта тІехь дехаш ду. Россехь бух боцуш (кхечанхьа шайн пачхьалкх йолуш, и шайн Даймохк а лорурш) бу тахана Россехь бух болу къаьмнаш кхиа ца дуьтуш, царна, оьрсашна а юкъа питанаш туьйсуш, вовшашка цабезам кхуллуш.

Россино Американ эшаме политика схьаэца ца еза. Россин вахархочун шен цІахь бакъонаш хьаьшна хилча, шен ненан мотт бийца, Іамо а таро ца хилча, дехьа-сехьарчу регионашкахь а ша сов вуй хоуьйтуш хилча, – иза цу пачхьалкхан гражданин ларар дац.

Россин ницкъ – къаьмнийн дукхаллехь, церан цхьатера бакъонаш хиларехь, массо а къоман мотт ларбарехь, къаьмнийн гергарлонехь бу.

Адамийн, къаьмнийн гергарло ницкъаца а, герзаца а хуьлуш дац, доккхачу къомо жиманиг охьа а таІийна. Адамийн а, къаьмнийн а гергарло – церан маршо, машар а ларбаран политикца кхуллуш ю. ХІора стаг ша-ша вуьсуш, ша муьлха къомах ву, ша хьанах схьаваьлла, ша мила ву хууш, тІаккха кхечу къомаца долу гергарло лелош. Уггар хьалха шен мотт хаа беза адамна, цул тІаьхьа меттанаш дукха мел хии а дика ду. Шен махкахь да воцчух, Даймехкан муьлхха маьІІехь а цІахь санна воцчух, цу махкана тешаме стаг хир вац, оьшучохь шен са дІадала а кийча.

Кхин цхьа масал далор ду ас.

Индера цхьа студент вевзинера суна Махачкалахь, хІинцачул а ткъех шо хьалха. Цунна Индера къаьмнийн кхоъ-биъ мотт хаьара: хинди, урду кхиберш а. Школехь дуьйна ингалс мотт хаьара цунна, Росси схьавеанчул тІаьхьа оьрсийн мотт Іамийнера цо, Махачкалахь университетехь доьшуш хиларе терра, жІайхойн мотт а... Нохчийн мотт а Іамош ву ша, элира цо. ДІадуьйцучух кхетара иза, дуьхьал къамел дан ши-кхо кІира хан бен ца оьшу бохура цо. Хьекъал долу стаг иштта хуьлуш ву, шен бух тІера дуьйна.

Стаг шайн къоман мотт хууш, буьйцуш а хилча гергара хета хьанна а. Россин цхьана а регионехь дац школашкахь я лаккхарчу дешаран заведенешкахь а РФ-н къаьмнийн меттанаш Іамош.

Стаг мел воккха Іилманча я говзанча хиларх, муьлххачу даржехь хиларх а пайда бац (боций вайна хаа хиъна хІинцалц схьа!), иза Нохчийчохь кхиъна вацахь, нохчийн мотт хууш, безаш вацахь, Нохчийчохь цо, хьацар дІа а хьоькхуш, тІекІел биллина тІулг бацахь. Мел воккха турпалхо хиларх а, стагах дан хІума дац, цуьнан цІийца нохчийн мотт бацахь, цунна шен истори ца хаахь, шен къомах дог ца лазахь – иза шен халкъана, махкана пайде-м муххале вац, мелхо а ишттачарах пайда оьцу вайн махка зулам дохьучара.

Тахана, Дала мукълахь, цхьа нисделла, тоделла дІахІуттуш ду вайн дахар. Беркате новкъа девлла вай. Дала аьтто бойла вайн.

– Амин. Сайд-Хьасан, хьуна баркалла, Дела реза хуьлда передачехь дакъа лацарна. Нохчийн матте безам болчуьнга бен и тайпа къамел далур дац...

– Дела реза хуьлда хьуна а.

– Ненан мотт хаар, Іалашбар а вайн массеран а декхар ду. Цуьнан дозалла оза хир дац дуьнен чохь цхьа а терза. Терзан барамца нисбича а хир бу иза моссо хІумнал беза. Литтина деши санна цІена, мазал мерза, и ховха, аьхна вайн мотт бийца Дала хьекъал а, кхетам а лойла вайна. Дала шен шорта болчу къинхетамца даржехь сов дохийла вай.