Язык сайта

 

Язык сайта

 

Мовладинов С., Магомадова А. «Мехала цхьаьнакхетар»

Нохчийн Республикан школашкахь йолчу библиотекашкахь долу хьал дуккха а шерашкахь вуно ледара лаьттира. 10-15 шарахь керла литература яцара йохьуш, йолуш йолу книгаш тишъеллера, царах дуккха а ерш шайн чулацамца ширъеллера.

Ткъа хууш ма-хиллара хьехархошна а шайн балхахь а, берашна дешар т1ехь а уггаре оьшуш болу, ца хилча йиш йоцу г1ирс бу книгаш. Уьш ца хилча аьттехьа а кхачам болуш хила йиш яц хьехар а, дешар а.

Цул сов, билгалдаккха деза, дуккха а меттигаш ю т1ом болчу хенахь библиотекаш яьгна д1аевлла. Цундела т1аьххьарчу шерашкахь республикехь лакхарчу эвсараллица школаш юхаметтах1итторца, царна мебельца, компьютершца кхачо ярца цхьаьна республикан куьйгалло а, дешаран а, 1илманан а министерствон куьйгалло а хьакъ болу тидам т1ебахийтина школашкахь йолу библиотекаш юхаметтах1итторна.

Лаккхарчу полиграфически т1ег1ан т1ехь арахецна йолу оьрсийн, кхечу мехкийн литературийн классикийн книгаш кхаьчна вайн библиотекашка. Дуккха а меттигерчу авторийн книгаш а эцна вайн дешаран а, 1илманан а министерствос. Хила ма-лаъара (я хила ма-деззара) лакхара дацахь а, т1аьххьарчу шерашкахь мелла а хьаладаьлла библиотекарийн алапа. Мехкан куьйгаллехь болчаьргара хаамаш ма-хиллара, кху шарахь, Дала мукъалахь, кхин лакха доккхур долуш ду библиотекарийн алапа.

Школийн дахарехь библиотекийн маь1на доккха ду, цигахь беш болу болх бан ма-беззара д1ах1оттийна белахь. Ткъа иза, хууш ма-хиллара, дуккха а долчун т1ехь доьзна ду библиотекарех, церан говзаллех, хаарех, жигараллех.

Шайн балха т1ехь зеделларг, девзинарг, 1амийнарг, т1екхиънарг библиотекарша вовшашна довзуьйту тайп-тайпанчу мероприятешкахь. Оцу тайпана мероприяти – республикан библиотекарийн семинар хилира х1окху беттан 4-чу дийнахь Соьлжан к1оштахь Ассиновскерачу №1 йолчу школехь.

Цигахь дакъалоцуш бара: НР-н дешаран а, 1илманан а министран г1оьнча Серганова Зина, оцу министерствера коьрта говзанча, республикан юкъараллин дахарехь жигархо волу Темиргераев Асланбек, Соьлжан к1оштан дешаран декъан хьаькам Улубаев Амин, Ассиновски станицан юртда Терхоев Назарбек а.

Билгалдаккха лаьа, х1окху йоккхачу юьртахь (12 эзар сов вахархо) оьшучунна даима самонца 1уналлехь лаьтташ, шен декхаршца дика ларош, юртден даржехь Назарбек схьавог1уш волу 15 шо хан ю. Дела реза хуьлда цунна. Тхуна тхайна гина, оцу юртахь цхьа мероприяти хилча, цхьаболу чиновникаш санна, к1иранде хилча а, «совещани ваха везара со… бехк ма билла» бохуш, доцу а, долу а бахьанаш лоьхуш, вада ца г1ерта Назарбек. Цуьнан шен юьртах хьакхалуш мел долчуьнца бала бу. Декхарийн стаг ву Назарбек. Иштта хила а веза юртда.

Семинар д1айолуш Улубаев Амин вистхиллачул т1аьхьа, коьрта доклад йира к1оштан методкабинетан куьйгалхочо Умаева Раисас. Чохьболчара билгал ма-даккхара, шен белхан лакхара говзанча хиларе терра, ч1ог1а дика къамел дира Умаева Раисас. Цуьнан доклад, семинарехь ца хиллачу библиотекаршна а пайде хирг хилар хьесапе а эцна, лахахь яцйинчу вариантехь зорбатухуш ю и.

Семинаре кхайкхина вара ишта «Хьехархо» газетан коьрта редактор, яздархо Цуруев Шарип. Семинаран чулацаман цхьа дакъа дара вевзаш волчу яздархочуьнца Цуруев Шарипаца цхьаьнакхетар. Иза дика д1адаьхьира дешархоша, поэтан биографех а дуьйцуш, стихаш а йоьшуш, цуьнан дешнаш т1ехь даьхна иллеш а олуш. Цул т1аьхьа вайн заманчохь дешаран, библиотекийн, книгийн маь1нех лаьцна чулацаме къамел дира Цуруев Шарипа а.

И цхьаьнакхетар вовшахтоьхнарг яра №2 йолчу школан библиотекарь Конаева Диана. Дешаран а, библиотекийн проблемаш йийцина ца 1аш, г1иллакх-оьздангаллех лаьцна а дара Темиргераев Асланбека а, Серганова Зинас а дина к1оргера къамелаш. Юха а билгалдаккха лаьа, даггарчу шовкъаца хуьлуш дара цу чохь мел хилларг – баккхийчара дина къамелаш а, бераша ешна стихаш а, лекхна эшарш а, гайтина инсценировкаш а и.кх.д1. а.

Доцца аьлча, ц1арна, отчетана аьлла йина мероприяти яцара иза. Массарна пайде йолуш, массо реза волуш, лаккхарчу т1ег1ан т1ехь чекхъелира и семинар. Шеко йоцуш Соьлжан к1оштахь школийн библиотекашкахь беш болу болх дика д1ах1оттийна а бу, оцу белхан 1уналладеш нах а бу. Дерзош, и семинар вовшахтоьхначарна баркалла ала лаьа.