Язык сайта

 

Язык сайта

 

Дудаев Адл-Хьаьжин Султан - нохчийн меттан а, литературин а хьехархо

28 май 2020 года
273 просмотров

Дудаев Адл-Хьаьжин Султан, вина 1942-чу шарахь Шуьйта к1оштан А. Шериповн ц1арах йолчу юьртахь. Ворх1 класс Казахстанехь яьккхина. 1957 шарахь Даймахка ц1авирзиначул т1аьхьа Шуьйтара юккъерачу школе 8-чу классе деша вахара, иза 1960 шарахь чекхяьккхира. Оцу шарахь юьртарачу школе, кхаа беттан курсаш чекхъяьккхиначул т1аьхьа, юьхьанцарчу классашна хьеха вахара.

1964-чу шарахь дуьйна нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш ву.
1965-1971-чу шерашкахь чекхъяьккхира хьехархойн институт.
1980-чу шарахь, 3-чу сентябрехь совг1ат дира «Отличник народного просвещения РСФСР» аьлла.
1988-чу шарахь совг1ат дира «Старший учитель» аьлла ц1е а туьллуш.
1989-чу шарахь совг1ат дира «Ветеран труда» медальца.
2005-чу шарахь «Учитель-года» конкурсехь лауреат а хилира.
2006-чу шарахь дакъа лецира «Семья России» конкурсехь. Цигахь хьалхара меттиг яьккхира.
2010-шарахь, вайн мехкан куьгалхочун, Россин Турпалхочун Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан омраца «Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо» аьлла ц1е тиллира.
2014-чу шарахь «Почетный работник общего образования Российской Федерации» аьлла совг1ат дира.
2019-чу шарахь «Народный учитель Чеченской Республики» аьлла цIе тиллина.

Карарчу хенахь школехь хьехархо а ву, Нохчийн мотт, литература кхиоран институтехь лаборантан болх беш а ву.