Язык сайта

 

Язык сайта

 

Канаев Ромазанан Румиса – нохчийн меттан а, литературин а хьехархо

25 авг 2020 года
862 просмотров

Канаев Ромазанан Румиса - Хьалха-Мартан № 5 йолчу юккъерчу юкъарадешаран школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо. Иза йина 14 августехь 1963–чу шарахь, Хьалха-Мартан тIехь.

1971-чу шарахь деша яхана Хьалха-мартан №3 йолчу юккъерчу школе.

1982-чу шарахь  чекхъяьккхина юккъера школа.

1983 –чу шарахь деша хIоьттира ЧИГУ (факультет русского языка и литературы, чеченского языка и литературы) дешна елира 1989 –чу шарахь.

1992-чу шарахь дуьйна нохчийн меттан а, литературан а хьехархо болх бина 58-чу юккъерчу школехь.

2006-чу шарахь Хьалха-Мартан №5 йолчу юккъерчу школе балха хIоьттира. ХIеттахь дуьйна цу школехь болх беш схьайогIуш ю тIекхуьучу къоначу чкъурана нохчийн мотт хьехарехь а, и марзбарехь къахьегарца. Балха тIехь кхиамаш хиларна дуккха а Дешаран урхаллин цIарах а, школин цIарах а сийлаллин грамоташца совгIаташ дина Румисина.