Язык сайта

 

Язык сайта

 

Хасаров Рамзан Шараниевич - нохчийн меттан а, литературин а хьехархо

5 авг 2020 года
47 просмотров

Хасаров Рамзан Шараниевич - Соьлжа-г1алин №54 йолчу юккъерчу школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо.

2002-чу шарахь дуьйна цу школехь болх беш, схьавог1уш ву.
Тайп-тайпанчу къийсадаларшкахь жигара дакъалаьцна цуьнан дешархоша, тоьлла хаарш гайтарна толаман меттигаш а баьхна.

Ненан маттаний, дахарехь лардан дезачу г1иллакхашний юкъахь йолу дийна з1е йовзийтар коьрта лору цо дешархошна хьехарехь.

Бераш кхетош - кхиорехь Сийлаллин грамоташца а, Баркаллин кехаташца а билгалбаьккхина цо бина болх Нохчийн Республикан Парламенто а, Соьлжа-г1алин дешаран департаменто а, дешаран 1илманан министерство а.

2009 шеран 27-чу майхь Республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен т1едилларца «Нохчийн республикан Хьакъволу хьехархо» ц1е тиллина.
Рамзан автор ву 8 - чу а,11 - чу а классийн нохчийн литературин хьехархошна г1оьнна язйинчу методически пособин а, белхан тетрадан а.

Иштта, Хасаров Рамзан экзаменашкахь а, олимпиадашкахь а берашна гойтучу хаарийн мах хадочу экспертийн тобанца болх беш а ву.
2015 шарахь дуьйна интернетехула нохчийн мотт хьехаран проектан тобанан декъашхо, 2017-чу шарахь дуьйна оцу проектан экспертни комиссин декъашхо а ву.

ПОДПИСКА

на новые публикации

Рассылка новостей и документов на
электронную почту
Количество подписчиков: 1 739