Язык сайта

 

Язык сайта

 

Магомадова Хьажин Роза - Олхазар – К1отарарчу №2 йолчу школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо

16 мар 2020 года
296 просмотров

Магомадова Хьажин Роза - Олхазар – К1отарарчу №2 йолчу школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо.

Иза йина 13 –чу январехь 1964 шарахь Нохч-г1алг1айн Республикин Хьалха – Мартан к1оштан Олхазар –К1отарахь ахархочун доьзалехь.

1971 –чу шарахь юьхьанцарчу классе деша яхана Олхазар –К1отарарчу юккъерчу ишколе.

1981 – чу шарахь иза кхиамца чекхйоккху. 1982 –чу шарахь Нохч – г1алг1айн пачхьалкхан университетан филологин факультете (заочни отделени) деша х1утту.

Хьехархочун некъ д1аболало 1983 –чу шарахь Са1ди –К1отарарчу ишколехь оьрсийн мотт а, литература а хьехарца. И шо чекхдалале Олхазар –К1отарара ша дешначу школе сехьайолу нохчийн мотт а, литература а хьеха. Цу школехь болх бо 2004- г1а шо т1екхаччалц.

2004-чу шарахь дуьйна, таханлера де т1екхаччалц болх беш ю Олхазар – К1отарарчу №2 йолчу школехь нохчийн меттан а, литературин а хьехархо йолуш.

Хьехархойн къовсамашкахь йиллина декъашхо ю. Иштта нохчийн маттахь дийцарш яздаран Нохчийн Республикин а, Дагестан Республикин а хьехархошна юкъахь хиллачу къовсамехь 2-г1а меттиг яьккхира. Дийцарш яздеш ю, цхьадерш зорбанехь ара а девлла.

Лаккхарчу квалификацин хьехархо.

2018 – чу шарахь дуьйна «Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо».

Дукхазза Сийлаллин грамоташца а, дипломашца а совг1аташ дина Дешаран Министерствас.

Нохчийн Республикин тоьллачу хьехархойн къовсаман толамхо ю.

Розин дешархой а ца лаьтта берийн къийсамашкахь юьстаха. Муниципальни а, Региональни а къовсадаларшкахь хьалхара я шолг1а меттиг йоцуш ца буьссу уьш.

Цхьа а шо ца долу цуьнан дешархойн олимпиадехь толам боцуш. Иштта х1окху шарахь а цуьнан кхаа олимпиадин декъашхочух шинне хьалхара меттигаш ю, кхоалг1ачун шолг1а меттиг ю районехь. Цхьа дешархо Региональни этапан декъашхо ю (меттиг къаьстина яц х1инца а).

Цо 1амош долчу берийн ОГЭ-н жам1 ду 100% хаарийн эвсаралла.

Розин белхан коьрта 1алашо, дешархошна йоза-дешар 1амийна ца 1аш, ойла ян, хазаниг а, диканиг а довза, къасто 1амор, нохчийн маттехула халкъан истори йовзийтар, матте, Даймахке безам кхоллар, т1екхуьуш долу чкъор нохчийн г1иллакх - оьздангаллин бух т1ехь кхиор ю.