Язык сайта

 

Язык сайта

 

НОХЧИЙН МЕТТАН ДЕННА ЛЕРИНА: Хуциева Зина Арбиевна - Нохчийн меттан, литературан хьехархо

17 мар 2020 года
321 просмотров

Нохчийн меттан, литературан хьехархо Хуциева Зина Арбиевна йина 1957 шарахь Казахстанехь. Бух1ан-юьртара №39 йолу ишкол чекхяьккхина 1974 шарахь иза деша йоьду (ЧИГУ) филологически факультетан къоман отделени. Ишколехь доьшуш йолуш дуьйна яра иза нохчийн мотт к1орге бовза лууш, цуьнца уьйр йолуш.

1979 шарахь университет чекъяьккхича Зина Арбиевна хьажайо Хьалха-Мартант1ера №3 йолчу ишколе балха. Белхан коллективо резахиларца т1еоьцу къона хьехархо. Шо шаре мел дели балхо говзалла сов а йокхуш, дешархошна а, церан дайшна – наношна дукхаезаш, итт шарахь болх беш схьайог1у Зина.

Цу шарахь доьзал а кхоллало цуьнан.

1989 шарахь ша кхиинчу Бух1ан-юьрта ц1а йоьрзу Зина Арбиевна. Иза балха х1утту Соьлжа-г1аларчу №29 йолчу ишколе.

Вайн дахарца з1е тосуш, вайн г1иллакхашна т1е а тевжаш говза болх беш иза схьайог1а шовзткъа шо хан ю. Зинина дика хаьа дешархошна нохчийн меттан хазалла йовзийта а, цуьнца шовкъ хийлита а церан дог-ойла цунна т1еерзо. Цуьнан х1ора дешархо ву нохчийн мотт дика хууш а, безаш а. Цундела дешархошна езаш а, коллективехь лоруш а ю Зина Арбиевна.

Зинин болх билгалбаьккхина Нохчийн Республикан Дешаран а, 1илманан а министерствос Сийлаллин грамоташ яларца.

2017 шарахь «Россин Федерацин юкъарадешаран Сийлахь белхало» аьлла ц1е тиллина цунна.