Язык сайта

 

Язык сайта

 

Соьлжа-ГIалахь д1абаьхьна нохчийн маттахь эссе язъяран къовсам

18 мар 2020 года
47 просмотров

«ИН-форматио» тобано Нохчийн меттан хьехархойн ассоциацица а, Нохчийн Республикан Юкъараллин палатица а цхьаьна д1абаьхьна нохчийн маттахь эссе язъяран III-г1а къовсам.

Къовсам д1абахьаран 1алашо яра нохчийн мотт 1алашбар а, кхиор а.
Къовсамехь дакъалаца йиш яра 14 шарера 20 шаре бовллалц болчу кегийрхойн. Эссен тема д1акхайкхира къовсам д1ахьочу дийнахь.

Цу къовсамехь 50 сов декъашхо вара, царна юкъахь вайн студенташ а бара: Яхъяева Пет1мат (Чл, 4 курс), Баштарова Эсят (Рчл 1 курс), Солтамурадова Мата (Рчл 1 курс), Джамурзаева Хьава (Рчл 4 курс), Тушуева Манжаъ (Чл 2 курс). Джамурзаева Хьавас 2-г1а меттиг яьккхира цу конкурсехь.

Иштта къовсаман толамхошна деза совг1аташ а дира, берриге а декъашхошна ИН-форматион ц1арах сертификаташ а делира.