Язык сайта

 

Язык сайта

 

Дикаева Я. «Дадашев Райком: «Сан дог лозу нохчийн маттах…»

Оьрсийн г1араваьллачу яздархочо Чехов Антона аьлла: “1илма – уггар коьрта, хаза, исбахьа х1ума ду х1ора стеган дахарехь. 1илма – дахаре болчу безаман лаккхара хаам бу, цуьнца бен баккхалур бац адаме шена т1ехь а, 1аламна т1ехь а толам».

Кест-кестта нохчийн къомана т1ех1уттуш хилла йолу халонаш, бохамаш бахьана долуш вайн республикехь дешар а, 1илма а, кхечанхьа санна, шуьйра кхиа, даржа таро ца хилла. Бакъду, вайн тоьллачу 1илманчаша, хьехархоша дукха къахьегна вайн махкахь 1илма а, дешар а кхиорехь а, шайн хаарш т1екхуьучу чкъурана юкъахь даржорехь а.

Царах цхьаъ ву вевзаш волу 1илманча, Нохчийн Республикан 1илманан академин вице-президент, Нохчийн Республикан 1илманан хьакъ волу г1уллакххо, физикин-математикин 1илманан доктор, Нохчийн пачхьалкхан университетан теоретически физикин кафедран куьйгалхо Дадашев Райком. Иза вина 1950-чу шеран 17 декабрехь Г1ирг1азойн Республикан Ошски областехь. 1968-чу шарахь чекхъяьккхина Ножай-Юьртан к1оштахь йолчу Сесанара юккъера школа.

Цул т1аьхьа Дадашевс дешна Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан хьехархойн институтехь а, аспирантурехь а. 1987-чу шарахь ша дешначу физикин факультетан декан хаьржина Дадашев Райком. 1990-чу шарахь цуо Уральски Политехнически институтехь кхиамца ларйина докторски диссертаци. 1995-чу шарахь, вайн республикана уггар чолхе а, къиза а денош даьхкинчу хенахь, Нохчийн пачхьалкхан университетан ректоран дарже х1оттийна Райком. Шен белхан декхарашца дика ларош масех шарахь болх а бина цо.

Дадашев Райком вайн къоман дозалла ду ала мегар долуш стаг ву. Райкома 1илманехь динчу мехалчу г1уллакхех пайда оьцу Францин а, Россин а 1илманан лабораторишкахь. Дадашев Райком автор а волуш зорбане яьлла 170 сов 1илманан публикаци, цуьнан биографи дуьненюкъара «Кто есть кто в мире?» ц1е йолчу книги юкъа яхана.

Дукха хан йоцуш Дадашев Райком рог1ера редакцин хьаша хилира. Цуьнца хилла тхан къамел газетан дешархоша хазахетарца т1еоьцур ду аьлла тешна ду тхо.

– Райком, хьо таханлерачу дийнахь вайн республикехь вевзина а ца 1аш, дозанал арахьа а вевзаш 1илманча ву. Дийцахьа айхьа доккхачу 1илмане вог1уш бинчу некъах лаьцна.

– Сан а, сан нийсархойн а школе дуьладалар 1957 шарахь нисделла, ткъа и хан, вайна ма-хаъара, вайн къам ц1а дирзина хан ю. Цундела тхан, юкъах ца довлуш, деша аьтто хилла. Оцу шерашкахь, эксперимент йийр ю аьлла, хьалхарчу классашкахь цхьана-шина шарахь математика нохчийн маттахь хьоьхура тхуна. Оцу г1уллакхо цхьа жимма аьтто бина, аьлла хета суна, т1аьхьа нохчийн мотт к1оргера бовза а, 1амо а. Жима волуш суна физика а, математика а кхечу предметел дукха а езара, атта кхета а кхетара. И хан вайн къомана ч1ог1а хала хан хиллехь а, дукха х1умнаш дара х1етахь вай тахана масала эца мегар долуш, къаьсттина дешаран декъехь.

Ас ялх класс Нажи-Юьртан к1оштехь йолчу тхайн жимчу юьртахь Хьочи-Арахь яьккхина. Х1етахь цига оьрсийн хьехархой бара болх бан бахкийтина. Царах лаьцна цхьа к1еззиг ала луур ду суна. Х1инца а дагахь ю суна церан ц1ераш а – Церех Людмила Ивановна, Макаренко Татьяна Васильевна. Оьрсийн хьехархоша дина дика, мехала г1уллакхаш дицдина аьлла хета суна вай тахана. Дахаран хьелаш уггар хала долчу вайн нохчийн ярташкахь белхаш бина цара. Къаьсттина оцу хьехархоша кхиийра вайн х1етахьлерачу кегийрхойн дешаре а, 1илмане а болу безам. Дег1астанахь-м х1оллам бу аьлла хезна суна церан сийна х1оттийна. Вайн республикехь а и санна дерг дича, ч1ог1а бакъахьа хир дара аьлла хета суна. Оцу ас ц1е яьккхинчу шина хьехархочо йоккха меттиг д1алецира сан дахарехь. Цара г1о дира суна дешарна т1ехь, цхьацца йолчу предметашкахула сан пох1ма хиллехь, и кхиадора цара.

Школа ас Сесанахь чекхъяьккхина. Ала деза, х1етахьлера и Сесанара школа, х1инцалерчу муьлхха а г1аларчу школаца юьстича, дуккха а тоьлла хир яра. Ас дуьйцург дешар а ду, дешаран база а ю. Физически, химически кабинетийн оборудовани а яра, кружокаш яра т1етаь11ина болх беш. Оцу хенахь тхуна физика хьоьхуш Халадов Султан Муцуевич бохуш вуно дика хьехархо вара. Боккъалла а шен корматалла езаш а, к1оргера шен г1уллакх девзаш а стаг вара иза. Султан Муцуевич бахьана долуш, сайн математикехь пох1ма сов долушехь, ас кхид1а а к1оргера 1амо физика хаьржира. Суна жима воллушехь билгалделира сайн коьрта корматалла физика хир юй. Цундела со хьехархойн институте деша а вахара. Иштта кхечира-кх со х1окху доккхачу 1илмане а.

– Дуьххьара д1аладоьг1ча физика а, нохчийн мотт а цхьа а уьйр йоцуш, цхьана ца бог1уш ши кхетам хета. Ткъа хьо таханлерачу дийнахь физикин говзанча санна вевзина а ца 1аш, нохчийн мотт кхиорехь къахьоьгуш волу 1илманча санна а вевза. Муха кхоллабелира хьан нохчийн матте безам?

– Дала стаг дуьнент1е воккхушшехь цхьана къомах воккхуш ву. Ткъа вай нохчий ду, ткъа х1окху доккхачу дуьнент1ехь нохчийн мотт 1алашбан кхин цхьа а къам дац, нохчийн къам доцург. Вай 1алаш ца бахь, вай дола ца дахь, вай пусар ца дахь, и мотт барна кхерам бу. Цхьацболчарна-м ишта хаам пайда боцуш а хета тарло, вай буьйцуш ма бу и мотт аьлла. Амма дуьненюкъарчу ЮНЕСКО ц1е йолчу организацис вайн мотт бовш болчу меттанашна юкъа бахийтина. Церан оцу хьокъехь шайн билгалонаш, гайтамаш бу, цу гайтамашка хьаьжжина хоржу цара довш долу меттанаш.

Таханлерачу дийнахь, вайна мел халахеташ делахь а, шайна бийца и ца хуъушехь, оьрсийн мотт бийца г1ерта вайн кегийрхой. Ишта ирча хьал ду вайн телевиденехь дерг а. Соьга хаьттича, тардалийта йиш йоцург ду меттанаш иэдар. Вай цхьана маттахь дан деза къамел – я оьрсийн, я нохчийн. Мотт бийцарх хуьлуш дац цуьнан кхиар. Язъян еза цу маттахь, еша еза. Со х1окху шовзткъа шарахь сайн ма-хуьллу нохчийн маттахь арадолу газет, керла арахецна киншка йоьшуш схьавог1уш ву. Сан даима а цхьа ойла кхоллало – со Дала нохчо а вина х1окху дуьненчу воссийча, сан декхар ма ду к1орггера сайн мотт бовза а, иза киорехь дакъалаца. Ишта веана-кх со нохчийн маттах йолчу ойланашка.

– Ахь физикин терминийн нохчийн маттахь х1оттина бохуш хезнера суна. И муха дагадеара? Хала дарий оцу т1ехь къахьега?

– Хала дацара. Ас дуьххьара и болх д1аболочу хенахь физика а, хими а нохчийн матте яккха еза бохучу кхайкхамца долийна а дацара, цхьацаболчарна ишта моттахь а. Ас х1етахь бохург дара, юьхьанцара школа оьрсийн маттахь а йитина, берашна жимма и мотт 1аммалц, шайга х1ун боху царна кхетталц оьрсийн мотт т1етаь11ина царна 1амор. Уьш пхоьалг1ачу классашка девлча, мегар дара математика а, кхин йолу предметаш а нохчийн матте яха. Х1инца цхьа эксперимент ю д1айоьдуш билингвальное обучение олуш, школехь д1айоьлху урокаш шина маттахь хилар ду и. Суна хетарехь, иза ч1ог1а дика г1уллакх ду. Х1унда аьлча, берашна иштачу хьолехь оьрсийн а, нохчийн а мотт цхьатерра дика хуур бу. Иза а нохчийн мотт 1аморехь а, кхиорехь йоккха г1улч ю. Со тешна ву оцу эксперименто берашна дика кхетам лург хиларх а, цара иза дика д1алоцур хиларх а.

– Райком, ахь Нохчийн пачхьалкхан университетехь ректоран даржехь болх бина вуно халачу муьрехь. Цуьнах лаьцна цхьажимма дийцахьа.

– Ахь ма-аллара, ч1ог1а чолхе хьал дара х1етахь хилларг. Со цига кхачар а Дала яздина хилла хир ду-кх. 1994-чу шарахь со проректор вара. Цу шеран декабрь баттахь Россин пачхьалкхан танкаш вайн махка цхьа вуно буьрса чухахкаеллачу заманахь тхан ректор Москвахь вара. Х1етахь соьга д1а а кхайкхина, хьо ректор хила веза элира. Т1аккха, делахь къоман хьалха а, Далла хьалха а, суо декхарийлахь хийтира-кх оцу ирчачу дийнахь сайга кховдийна долу и дарж т1елаца.

Бакъдерг дийцича, юьхьанца иштта инзаре хьал х1уттур ду аьлла а ца хетара, х1унда аьлча вай Россин пачхьалкхан юкъахь къам а дара, нохчий хьалха дуьйна а цаьрца хийра 1ийна а бацара. Цундела цара вайна т1ехь иштта къизалла йийр ю а ца моьттура, оцу кепара вайн Соьлжа-г1ала йохор ю а ца моьттура. Суна хиира х1етахь сайна хила цхьана а кепара цхьаьнггара а г1о доций. Гуо баьккхина беш т1ом бара, массо аг1ор отуш г1ала яра.

Сайн ницкъ кхочург со дан а г1иртира. Шех лаьцна ша дуьйцуш товш а ца хуьлу, х1етте а хаттарна жоп ца делча ца волу. Ч1ог1а хала зама яра и. Схьалуш алапа дацара. Ткъа ректор ву аьлла д1ах1оьттина хилча, царна миччара и лахар, карор сайн декхар а хетара. Университетан кхоалг1ачу корпусехь йоккха библиотека яра х1етахь, ворх1 б1е эзар сов книга яра цигахь, царна юкъахь ч1ог1а мехала 1илманан изданиш а яра. Т1едуьллуш ло а долуш, 1охкуш яра уьш арахь. Уьш цхьана аг1ор лай бухара мукъне а д1аяха езара вай аьлла, ас кхайкхам бича, ткъех хьехархо ара а велира, тхоьга цхьацца йолу книгаш к1елхьара а яхаелира.

Т1аьхьа, оха болх д1аболош, лулара лаккхара дешаран заведениша а дира тхуна г1о. Масала, Г1ебарта-Балкхаройн республикан университето физически прибораш елира, иштта МГУ-ра а хилира г1о… 1илманан интеллигенцис тхо тесна ца дитира. Суна х1инца а даггара баркалла аларца дагаоьху цара дина вошалла. Ишта д1аоьхура денош. Т1аккха, 1996-чу шарахь университетан хьехархойн коллективо юха хаьржира со. Сан рицкъа хилар хир дара и. 2000 шарралц ректор лаьттина со цигахь. 1аламат хала зама яра и.

– Ма ч1ог1а къаьсташ хилла хир ду х1етахьлерачу студентийн дахар а, х1инцалерчерниг а…

– Дера йоккха башхалла ма ю. Таханлерачу дийнахь вайн лаккхарчу дешаран заведенишкахь долу хьал 1аламат таделла. Ц1ена, сирла чоьнаш, ткъа цуьнца цхьана г1иллакх-оьздангалла а кхиийна цигахь – университетан кертахь цигаьрка узуш стаг карор вац, ткъа и мел доккха х1ума ду. Ийманехь кхетош-кхиорехь беш болу болх лаккхарчу т1ег1ант1ехь бу цигахь. Масала, бедаран форма. Дуьххьара-м суна сайна а ца хетара и башха оьшуш, амма цу г1уллакхо к1оргера эстетически кхетам белла кегийрхошна. Д1адаханчу ткъа шарахь яккхий т1еман къизаллаш лайна вай, ткъа т1амо нах дика ца бо, церан уггар лахара кхетам, ойланаш гучуйоху цуо. Х1инца университет кхиъна йог1уш ю, оьшуш йолу 1илманан лабораториш а, техника а ю.

– Райком, тхан газетдешархой коьртачу хьолехь хьехархой бу, ткъа хьо а ву оцу корматаллин векал. Муха хета хьуна таханлерачу дийнахь хьехархошкахь долу хьал.

– Суна тахана хьехархошкахь долу хьал ледара хета. Вай бакъдерг дийца деза, алапа ч1ог1а к1еззиг ду, хьехархочун хила ма дезарра сий-пусар дац. Соьга хаьттича, массо х1ума а д1а а теттина, оцу хьехархойн хьелаш тада дезар-кх вай, материальни аг1онийн ойла цуьнга ца яйта. Вайн школашкахь ч1ог1а пох1ма долуш, хьекъале хьехархой бу. Церан вай сий а дан дезара, царна г1о дан а дезара.

– Райком, т1аьхьарчу хенахь 1илманан академис динчу мехала г1уллакхех лаьцна дийцахьа.

– Х1окху т1аьхьарчу пхеа-ялха шарахь массарна а хууш дуккха а мехала белхаш бина академис. Оцу т1ехь тхуна республикан куьйгалло а ч1ог1а г1о дина. Член-корреспонденташ а, академикаш а г1аьххьачул алсам бу х1инца. Ткъа суна уггар мехала хета 1илманан академис нохчийн грамматикина т1ехь бина болх. «Академическая грамматика чеченского языка» олуш издани ю, цуьнан хьалхара том чекхъяьлла, шолг1ачу томана т1ехь беш болх бу. Т1аккха, кхин цхьа мехала г1уллакх а ду. Вайн язйина истори яц бохуш, дуьйцуш дара даима а. 1илманан академис йиъ том йолу книга арахецна.

Суна ч1ог1а мехала а хеташ, со воккхавийриг 1илманан академис йолийна «Синмехаллаш» ц1е йолу проект а ю. Оцу юкъахь Гадаев Мохьмадан произведенийн ши том зорбане яьлла. Х1окху республикан дуккха яздархоша ч1ог1а къахьегна оцу балха т1ехь, цуьнан произведениш гулъеш. Суна ч1ог1а хазахета и хилам. Оцу серехь х1инца арахеца кечйина ю Мамакаев Мохьмадан, Дикаев Мохьмадан, Сулейманов Ахьмадан произведенийн гуламаш.

Проектан 1алашо ю дуьненюкъара культурах нохчийн литературо лаьцна дакъа гайтар. Кхиамаш бохуш археологи а ю. Кестта вай долчохь раскопкаш а йийр ю. Къаьсттина суна билгал даккха луург ду х1окху т1аьхьарчу заманахь 1илманан академис нохчийн мотт кхиорехь дина мехала г1уллакх а. «Нохчийн меттан антомически атлас» а, «Юкъараллин-политикин терминийн дошам» а (Общественно-политический словарь), географически, физически терминийн дошамаш а арахецна. Оха вовшахтоьхна программистийн, филологийн тоба а ю. Уьш къахьоьгуш бу нохчийн меттан электронни дошам кечъярна т1ехь. Иза ч1ог1а онда болх бу. И болх бина баьлча, компьютерчохь муьлхха а нохчийн дош яздича, цуьнан маь1на, нийсаяздар а гур ду, цул совнах диктора иза ц1ена схьа а эр ду. Шина-кхаа шеран болх бу и.

– Ткъа хьан-хьайн планаш муха ю? Дукха дуй даза дисинарг?

– Кхузткъа шарал т1ехваьлча физика а, математика а санна долчу 1илманашкахь стага бакхий кхиамаш ца боху. Цундела сан 1алашо ю кегийрхой кхиор, со д1аваьлча а ас деш дерг ца дайта, цаьрга и болх кхид1а а байта. Сайн дег1ехь ницкъ болчуьра иштта къоначийн тоба сайна юххехь кхолла. Тахана и кхоллаелла ала а мегар ду. Со цунах воккха а ве. Стаг Дала цхьа декхар т1е а диллина воуьйтуш ву х1окху дуьненчу, цундела и декхар кхочушдан деза.