Язык сайта

 

Язык сайта

 

Кузаев М. "К1оргера хаарш долу хьехархо"

Республикан реабилитацин Центран учахь суна уллерчу г1анта т1е охьахиира хенара цхьа стаг.

- Хьо генара веаний? – хаттар дира ас цуьнга.

- Дера веана-кх Веданан районерчу Махкат1ера, - жоп делира цо. Т1аккха ц1е а йийцира - Тайсумов 1абдул-Бакъи. Цхьацца къамелаш деш, суна билгалделира 1абдул-Бакъи дахарехь дукха гина, даккхий хаарш долуш стаг хилар. Цо шен дахарх лаьцна дийца лиира суна. Сайга дийцинчух цхьадерш «Хьехархо» газетан дешархошна довзийта хьакъ долуш хийтира суна, х1унда аьлча 1абдул-Бакъи шен дахар берашна д1аделла ваьхна стаг ву.

Тайсумов 1абдул-Бакъи вина 1937-чу шарахь Махкат1ехь. Вайнах махках бохучу 1944-чу хьалхарчу классехь хилла иза. Беха некъ бинчул т1аьхьа Киргизе кхаьчна церан доьзал. Совцар нисделла Фрунзенски областан Карабалты районехь. Кхузахь дехаш тайп-тайпана къаьмнаш а хилла. Цигарчу школехь итт класс чекхъяьккхина Даймахка ц1авирзича, 1958-чу шарахь Нохч-Г1алг1айн хьехархойн институте деша вахна 1абдул-Бакъи. Иза кхиамца чекх а яьккхина, ша винчу юьрта ц1авирзина иза. Ишколе балха а вахана, нохчийн мотт, истори хьоьхуш ши шо даьлча, дешаран декъан заведующи х1оттийра. Оццу хенахь т1ехдика дешарца (заочно) чекхъяьккхира Москвара кхачанан сурсатийн институт. Шозза-кхузза директорш хийцабелла школехь. Шега и дарж кховдийча, реза ца хилла Тайсумов. Иза юкъараллин белхан воккха жигархо хилла, юьртасоветан депутат, партийни организацин секретарь, профсоюзийн меттигерчу комитетан председатель. 1967-чу шарахь Советан 1едалан 50 шо кхачарна лерина Соьлжа-Г1алахь вовшахтоьхначу даздаршкахь нохчийн, оьрсийн меттанаш хьехаран методиках лаьцна доклад йира Тайсумовс. Цунах лаьцна дийца хууш х1ара цхьаъ бен нохчи ца хилла юкъавахана. Цуьнан докладан боккха мах хадош, баркалла а элира. Нохчийчохь т1емаш болчу хенахь хьехархой тоьаш бацара, цундела цхьанхьа д1а ца вахара 1абдул-Бакъи. Иза соавтор а волуш 1илманчас Эсхаджиев Якъуба арахийцира 8-9-чу классашна лерина йолу «Нохчийн меттан синтаксис».

Тоьлашха волчу хьехархочун кхиамаш билгалбохуш сийлаллин грамоташ елла юьртасовето, Веданан партин райкомо, Нохч-Г1алг1айн республикан дешаран министерствас. Совг1аташ дина «За доблестный труд» мидалца, «Отличник народного образования РСФСР» ц1е а елла цунна. Цо 1амийна долу бераш, лаккхара дешаран заведенеш чекхьяьхна, милицин, лоьран, хьехархойн белхаш беш бу. Махлелоран техникум чекхъяьккхина, шен говзаллица дуккха а шерашкахь болх бина ю цуьнан х1усамнана Куржан. Х1инца иза пенсехь ю.

Йоккхах йолу йо1 Луиза вайн университетан филологически факультет чекхаяьккхина, Дешаран а, 1илманан а министерствехь болх беш ю. Шолг1ачу йо1а Заретас а дешна вайн университетехь, к1ант Сайхан, Турцехь маьхза деша таро хилла, х1инца экономист ву, ткъа шолг1а йо1 Хеда, Соьлжа-Г1алара мехкадаьттан институтан экономически факультет чекхъяьккхина, Россельхозбанкехь болх беш ю. Важа к1ант Аслан Нохчийчохь т1ом болуш Кипре ваханера. Цуьнан таро хилира цигарчу 1аьмаркан университете деша х1отта. Х1инца иза а ц1а веана.

Шен дахаран 44 шо берашна хьоьхуш д1аделла Тайсумов 1абдул-Бакъис. Царах ши шо мог1арера хьехархо волуш, 42 шо дешаран декъан заведующи волуш болх бина цо. 1997-чу шарахь инсульт цамгар кхетта, ишкол д1атаса дийзира цуьнан. Дала маршалла дойла цунна! Воккха велахь а, то а велла, шена дукхабезачу балха х1отта таро хуьлийла оцу к1орггера хаарш а, доккха зеделларг а долчу хьехархочун.