Язык сайта

 

Язык сайта

 

Лорсанова З. "Ненан матте йолчу марзонца еха…"

Бераллехь шайн лулара бераш схьа а гулдой, ша церан хьехархо ю бохуш левзина йолу Абдырашитова Маьлх-Аьзни тахана Шеларчу №9 йолчу школехь лакхарчу классашкахь нохчийн мотт хьоьхуш ю.

Эвтарарчу №1 йолчу школехь дешна цо. Школе яхале дуьйна хьехархочун говзалле сатуьйсуш йолу Маьлх-Аьзни дика доьшуш яра. Къаьсттина нохчийн маттаца а, литературица а уьйр йолуш яра иза. Цо лерина тергалйора шайна нохчийн меттан хьехархочун хIора а гIулч, хIора а дош. ТIаьхьа тIедогIучу шерашкахь а цунна къеггина масал а хилла дIахIоьттира нохчийн меттан хьехархо.

Шайн хьехархочо урокехь кIеда а, хаза а буьйцучу маттаца цхьа шатайпа шовкъ яра цуьнан. Школера цIа яханчул тIаьхьа, шен мукъачу хенахь нохчийн литература йоьшуш Iара хинйолу хьехархо. Цуьнца цхьаьна оьрсийн классикийн цIеяххана йолу говзарш а юьстаха ца теттира цо. Хааршка кхийдаш йолчу цо ша йоьшучу говзаран маьIнех а, яздархочо ешархочуьнга схьакховдийначу ойланех а кхета а хьожуш йоьшура. Шо шаре мел дели а алсамйолура ненан матте йолу марзо. Школа кхиамца чекхъяьккхира Маьлх-Аьзнис. Цул тIаьхьа, Эвтарарчу №2 йолчу школе пионер-вожати балха яхара иза.

Школе балха яхарал доккха ирс ца хеташ хилла йолу Маьлх-Аьзни хазахетарца яхара балха. Берашна нохчийн мотт дIахьеха а, оцу маттаца шен дахар дуза а ойла йолу Маьлх-Аьзни Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетан къоман отделене деша яхара. Пионервожатин болх дукха ца бира цо. Маьлх-Аьзни къона хиллехь а, иза бераш дукхадезаш а, царна дала хаарш а долуш хилар хиъча, иза хьехархо хIоттийра. Оцу шарахь цуьнга дуьххьара 3-гIа класс елира. Оцу классехь кегийчу дешархошна елира цо шен дахарехь дуьххьарлера урок. Ма дукха сатийсинера Маьлх-Аьзнис оцу дийне, ша хьехархо а хилла берашна урок лур йолчу дийне. Иштта кхочушхилира цуьнан бераллера сатийсам. Цигахь масех шарахь болх бинчул тIаьхьа, Шеларчу №9 йолчу школе балха яхара иза. ХIетахь дуьйна хIокху дийне кхаччалц цигахь нохчийн мотт хьоьхуш ю. Дуккха а шераш ду МаьлхАьзнис ненан мотт хьоьху.

Цо берашца хьоьгуш долу къа а ца дисира шен цхьа жамI доцуш. 2002-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 19-чу дийнахь «Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо» цIе елира цунна. Цуьнан хазахетаран доза дацара. Иштта, цо болх бечу юкъана дешаран а, Iилманан а министерствон цIарах елла Сийлаллин грамоташ а, Баркаллин кехаташ а ду цуьнан. Шена деллачу совгIатех уггаре а деза совгIат лору цо иза. Дешархошна дика хьехархо хилла ца Iа Маьлх-Аьзни, шен доьзална дика нана а ю иза. Нохчийн гIиллакхашца, ненан матте церан марзо кхуллуш 8 доьзалхо (ворхI йоI, цхьа кIант) кхиийна цо.

Цаьрга хIоранга а лакхарчу дешаран заведенешкахь дешийтира цо. Кхаа йоIа дашо мидалца а, цхьана йоIа йоьза мидалца а чекхъяьккхира мачохь дуьйна а хааршка кхийдина йолчу Маьлх-Аьзнина. Ша нохчийн мотт хьоьху дукха хан ялахь а, хIетте а, ша дахарехь дуьххьара еллачу уроке ма-яххара, хазахетарца йоьду иза тахана а. – Цхьаьннан хьехарца а доцуш, сайн даго къобалбинчу новкъа елира со. Цунна хир ду-кх, хIетахьлера шовкъ сан хIинца а сайн балхаца хилар. Дешархошна урок еллачул тIаьхьа, оцу урокан жамI до ас хIоразза а, оцу дийнахь берашна керла хIун Iамийна ас, олий. Иштта, олимпиадашкахь жигара дакъалоцу сан 
дешархоша. Цхьа а олимпиада тIех ца йолу, цара цигахь дакъа ца лоцуш а, толаман я совгIатан меттиг ца йоккхуш а. Тахана цара нохчийн маттехула бохучу кхиамех йоккхае со, – дийцира цо. Олуш ма-хиллара, дукхаезаш хаьржинчу говзалло, балхо стаг кIад ца во, мелхо а цунна сихьаам бо. Иштта, Маьлх-Аьзнис а хаьржира шен даго къобалйина говзалла. Цунна хир ду-кх, тахана а боккхачу лаамца а, самукъадаларца а цо шен болх бар.


Лорсанова Зарета