Язык сайта

 

Язык сайта

 

Пашаев Н. «Вайн амалш хазйо оьздангалло»

Хийла вай вовшахкхеттачохь дуьйцуш, олуш хезна вайна: вайн дай оьзда хилла, яхь йолуш хилла, цара вовшашца гIиллакх лелош хилла, бохуш. Вай дозалла дарца дуьйцу къонахех, дикачу нахах лаьцна.

Амма иза дац тахана вайна юкъахь и тайпана дика нах ца бисина бохург. Делахь а, вайна мел халахеташ делахь а, хIокху тIаьххьарчу шерашкахь чIогIа лахбелла адамийн вовшашка болу къинхетам, баккхийчаьрга болу лерам, вовшашна юкъахь хаалуш ю эвхьазлонаш. И эвхьазлонаш хьакхало божарех а, зударех а. Уггаре а халахетарг ду, доьзалан ненах, хIусамненах хьакхалуш а уьш хилар.

Тохара тхо кегий долчу хенахь наха шайн юьртахь я куьпахь емалвора вониг, къобалдора диканиг. Массара лоруш болу нах хуьлура хIора юьртахь а, куьпахь а. Юьртахь пхьоьханаш хуьлура, къоьжалло кхелина баккхий нах охьа а хуьйшуш, дика-вон цара дийцаре дора. Суьйранна, малхбузу IиндагIаш дахлучу хенахь, хаза хийист дIахIуттура, цигахь кегийрхой вовшах кхетара, вовшийн безамах дагара дуьйцуш. Iуьйранна я дийна юккъехь йоIе вистхилар иэхье лорура. МаьркIажал хьалхе йоI маре йодахь, ядийнарг лорура. Массо хIума а шен-шен кепехь дара, лелочун доза дара. Наха хIума аьндолчух ларлора. Буьйсанна буьртигахь хьаьжк1аш йохуш, тIаргIа къажбеш я нораш цIандеш белхеш хуьлура. Я синкъерам бора, хьеший баьхкича, церан лерамбеш.

Юьртахь зуда ялийна ловзар хилча-м, ерриге юрт бохург санна, цига дIагуллора. Нускале мотт а бостуьйтуш, лаккхарчу низамехь той дIахьора. Бакъду, юьртахь даьлла тезет а долуш, цхьана дас ловзар-м муххале а дийр дацара, ур-аттала зуда цIа юьгуш топ кхуссуш а ца хозуьйтура.

И дерриге таханлерчу денца дуьстича, вайна гуш ду-кх: Iуьйранна мичча хенахь а йоI урам новкъахь сацон а, цуьнца латта а мега. Буьйсанна хуьлучу белхийн меттана, кегийрахой телевизорш чу а бирзина Iаш бу. Наггахь юьртахь ловзар дича а, цхьацца лела ца хуучу наха и дохош меттиг хуьлу.

Дукха хан йоццуш со рузбане воьдуш а, юха цигара цIа вогIуш а сайна новкъахь гиначух цхьацца хIума хьахо лаьа суна.

…Со боккхачу новкъа воллушехьа, 40-45 шо хир долуш йолу цхьа зуда суна нисса 2-3 гIулч хьалхашха, со тергал а ца веш, новкъахь машен йогIуш юй а хьаьжна, сан некъ а хадош, дехьайолу. Иза Iовдал йоций-м хиира суна, Iовдал хилча машен йогIий а хьожур яцара…

Ас ца боху, сайн некъ хIунда хадийна, и баха сан бакъо а яц. ШарIе диллича а, мискъалазарраталл а хьо кхечарал лакхара хетавала мегар дац боху. “Со хIунда ца лери хIокхо, суна хьалхахула хIунда ели хIара?” – аьлла а дагчу куралла ягIахь, Далла гергахь кхераме ду боху. Ас бохург: “Деллахь, гIеметта хIоьттина йолчу оцу зудчунна а гIиллакх-оьздангалла х1ун ю хууш ца хилча, цуьнан доьзало хIун дийр ду техьа? Уьш хьанах тера хьалакхуьур бу техьа? Цара хIун лелор ду техьа? Хир юй те вайн юьззина къона тIаьхье?” – бохург ду.

Со цIа вогIуш а, цIа кхача йиснарг 200 метр хиллал меттиг бен яцахь а, цIа ваха йиш йоцуш лаьттара со. Оцу боккхачу новкъара хьалавоьрзучохь, тхан урамновкъахь, сан беша йисттехь ала мегар долуш, лаьтташ дара кIанттий, йоI1ий. ХIинца со хьалаволавелча церан меттиг йохайо-кх ас бохуш, сайн жималла дага а лоьцуш лаьттара со. Бакъду, со жима бер долчу хенахь лаьттинчух тера-м дацара суна гуш долу сурт. Цкъа делахь, йоI, шеца накъост а йоцуш, ша яра, я кIентан латтар а дацара башха йоIаца дагара дуьйцуш лаьттачух тера. Алссам нах дIасалела урам бара иза. ЦIа ца вахча ца волуш со а вара. Делахь а со-м йогIуш йолчу, сайн лулахочун “Беларусь” трактор а сацийна, цу тIе а хиъна, царна уллехула чекхвелира, царна новкъарло а ца еш. Цул тIаьхьа, гIеххьа хан яьллачул т1аьхьа, со корехула арахьаьжча, лаьтташ гуш дара и шиъ, амма царна уллошха тIехдуьйлуш, дIасалелаш, сол кегийра, даккхийра а адамаш гора. Ас ойла йира: “Хьажахь, церан меттиг а ца юхуш, со а валалург хилла-кх царна тIех”, – аьлла. Амма ас лелийнарг сайн гIиллакх дара.

Иэхье хIун ду а, иэхье хIун дац а хьоьхуш хила дезаш дара, къаьсттина дай-наноша. Кхин хIумма ца хилча а, вай муьлхха а цхьа буьйса схьалаьцча, тийна сахиладоллалц цхьацца маьттаза гIовгIанаш а еш, деса къамелаш дарца билгал а буьйлуш, цIармата буьйлуш, пайда боцурш лелош, урамновкъахь буьйсанаш токху вайн цхьаболчу кхиазхоша.

Дай-наношна хIунда ца хаьа шен доьзалхо чу мича хенахь вогIу, я цо хIун некъ лелабо?

Вайн доьзалш вай иштта хецна битахь, кхана Iуьйрре къоман амал йоцуш, юьхь йоцуш дисарна кхерам бу вай. ХIун дийр дара-те, хIун далур дара-те вайга?

Вай, Дела орцахволийла бохуш, Iарх гIуллакх хир дац. Вай лелочу дикачу хIуманна и орцах ваьлча а тоьар ма ду. Вай ваьш ду тахана оцу вешан доьзалшна орцахдовла дезаш дерш, уьш нийсачу новкъа баха безарш, царна цахуург хьеха декхарийлахь дерш. Доцца аьлча, царна дов дан а, ца хуьлчу даьлча тоха а йиш ерш.

Шеко яц шуна, Дела чIир оьцур йолуш ву шуна. Мискъалазарраталл а хаттар доцуш, жоп доьхур доцуш хIума дац шуна. Ойла е тахана шаьш сема долччуьра, набарх т1еоьхьнарг бен хир дац шуна. Байттамал бохучу хенахь тIаьхьа хир ду…

Цундела айса школехь бечу балха т1ехь, хьалхара меттиг д1алоцуш хета суна, дешархой г1иллакх-оьздангалла йолуш кхиор, ткъа шолг1а меттехь ду 1илма 1амор.

Хьовсал, 1илманал а лакхара мах хадийна кхузахь г1иллакхан. Иза т1еч1аг1деш цхьа дешнаш ду вайн фольклорехь:

Ницкъ хиларх хуьлуш вац яхь йолу дика к1ант, 
Х1илланах а хуьлуш вац тешаме дика к1ант, 
Тешамо, собаро, г1иллакхо веш ву-кха, 
Оьздалло, стогалло, хьекъало веш ву-кха, 
Г1иллакхах вуьззина яхь йолу дика к1ант…

Х1окху дуьнен т1ехь мел дукха ю г1ум. Х1етте а цхьатера ши мисхал карор яц боху цуьнца. Иштта адамаш а ма ду цхьатера доцуш, цаьрга терра ма ду церан г1иллакхаш а.

Дала, 1алам къаго кхоьллина г1а-бецан заза санна, къаьмнаш хаздан кхоьллина ду г1иллакх-оьздангалла. Ткъа и оьздангалла адамашкахь бен, кхечу садолчу х1уманашкахь хила йиш йолуш а яц.

Г1иллакх – иза адамийн вовшийн дика уьйр ю. Амма иза оьздангаллин цхьа дакъа бен дац. Г1иллакх ялсаманера схьадеана а ду, юха ялсамане дерза дезаш а ду, ша лелочу нахаца.

Нохчийн къоман г1иллакхаш кхолларна ч1ог1а т1е1аткъам бина вайн махкахь хиллачу хиламаша.Кхузахь къаьсттина билгалъяха еза Шайх Мансуран, Тайми Биболатан, Имам Шемалан заманаш, иштта вайн халкъ 1864 шарахь Туркойн махка кхалхор, цул т1аьхьа 1944 шарахь дийнна халкъ Сибрех дахийтар, 1994 шарахь дуьйна Нохчийчохь масийтта шарахь хилла т1ом. Амма нохчийн къам даьхна, х1умма осала а доцуш, деккъа цхьа г1иллакх-оьздангалла бахьанехь. Цундела, вай д1акхехьа безаш болу коьрта некъ – вайн дайшкара схьадог1уш долу оьзда г1иллакхаш карладахар ду.

Суна хетарехь, шен парзаш кхочуш а деш долу кхин суннаташ а ца деш, вайнехан г1иллакх-оьздангалла лелийча а, ялсамане даха хьакъ долуш къам ду вайниг.

Дуьненахь дехаш долу дерриге а къаьмнаш вовшех юьхь-сибатца, басца къаьстина ца Iаш, шайн гIиллакхашца ма къаьста. Ткъа тахана вайна гуш дерг, вайна хезаш дерг вайнехан амалца догIуш дац. Масала: урам-новкъахь, ламазаш а туьлуьйтуш, я уьш данне а ца деш, цизаьркаш, къаьркъа, кхийолу “ирча” баккхалш юхкуш вайнехан зударий хилар и вайна массарна а эшам бу, цхьана доьзалан нана ма ю иза… ДIакхоьссина бер карийна бохург къоман а лазам бу, къанделла да-нана дIатесна лелаш бераш ду аьлча а чIогIа новкъарло хуьлу дагна. ХIунда аьлча уьш берриге а цхьа тайпа-тукхам долуш, белча дIабохка безаш, дайн кешнаш долуш нах ма бу. Доладан дезара вай вешан доьзалийн. ХIора а дас-нанас шен-шен доьзална тIехь хила ма деззара Iуналла деш хилча, вайна милцой а оьшур бацара, цара кхин болх бийр бара. Оцу доьзалех лаьтташ ма ду дерриге халкъ. Доьзал ма бу вай уггаре хьалха ларбан безаш берг, тIехь Iуналла дан дезарг. Цундела оьшу дай-наноша шайн доьзалшна, кIад а ца луш, нийса некъ хьехар.

Дуккха а болчу хийцамийн тешаш хилла вай хIокху тIаьххьарчу шерашкахь. Оцу дIадаханчу тIеман хиламаша хийцина техьа вайн амал? Тахана вайгахь долчу хьоле ладоьгIча, кхана вай мича кхочур ду-техьа бохург дагчу лелхаш, ойлано хьийзаво. Вай оцунах цхьацца там хуьлуш хилчхьана, стагна томана харц дерг дуьйцуш хилча, вешан къоман хIума гал ма доккху вай. Ша къонах волу нохчо, и стимал къаьхьа делахь а, бакъдерг дуьйцуш хила веза.

“Вай нохчий ду” – олу вай. Бакъду, нохчочуьнгахь хила езаш йолу яхь, гIиллакх, оьздангалла, собар, стогалла тоьаш ца хуьлу хийла.

“Вай бусалбанаш ду”, – олу вай. Амма бусалба стагна тIехь долу декхарш кхочуш ца до хийламмо. ТIаккха хуьлий вай бусалбанаш?

Таханенна пайдехь дерг лоьху, аттаниг хоьржу, кханенна ойла йийриш кIеззиг хуьлу. Нагахь цхьа хIума ваьшна пайдехь карийча, шариIатна тIетевжа вай, и вайгахьа делахь – пачхьалкхан законна тIетевжа, ваьшна гIолехь хетахь – нохчийн Iадатна тIетевжа.

Уггаре а тоьлларш хир дара вай, ваьшна хетарш Iадда а дитина, вай кхоьллинчу Везчу Дала хIун боху хьаьвсича.

Масийтта декъе декъаделла, вовшашца хера а ца дуьйлуш, бусалба дин цхьаъ хиларе терра, цхьаъ хилий даха вай? Оцу бакъ новкъа вай дIадахча ялсамане кхочу-кх вай. Ца долхахь – некъах тилла, шайтIанан буйна дахарна кхерам бу.

Делахь а, вайн къам дукхах дерг мискачу нахах лаьтташ ду, Дала ша церан до1ийна жоп луш, ца духуш схьадеана а ду. Дахарехь шайна мел дукха халонаш хиларх, къизалло хьийзадарх, и дерриге Делера дуйла а хууш, цуьнгара шайна ял хиларе са а туьйсуш, Делан диканах дог а ца дуьллуш, кху хене схьабаьхкина миска нах. Уьш бу-кх буьззина Делан лайш. Цара къийсац дуьненан даржаш. Далла кхоччуш 1амал яр бен, цара лехац дуьненан ялсамане… Уьш бу уьш, кханалерчу къематдийнахь, шаьш Кхоьллинчо диканца кхаъ боккху берш. Ткъа къонахий а бу церан даржехь, Дала дуьне ч1аг1деш, х1иттийна мокхазан лаьмнаш санна, мехкан дуьхьа кхоьллина, халкъан г1ортораш.

Дала бакъдерг довза хьекъал лойла вайна, тIаккха оцу бакъдолчунна тIаьхьадаза ницкъ а лойла вайна. Дала иштта харц дерг довза а хьекъал лойла вайна, харц долчух лардала ницкъ а лойла вайна!

Дала нисдойла вай Шен нийсачу некъа тIехь! 
Дала лардойла вай Шен оьгIазаллах! 
Дала лардойла вай зенах-зуламах! 
Дала тIаьхье беркате йойла вайн!